Дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар
25.04.2018Вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лаккхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар - яра Шоьнарчу ишколехь 25 апрелехь д1аяьхьначу гуламан 1алашо. 25- г1а апрелехь тхан хьошалг1ахь яра поэтесса а , прозаик а йолу - Дагалаева Малика. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллица, майраллица, комаьршаллица, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а ,- дехха дийцира Маликас.