Этнографически диктант "Беза, бовза ненан мотт!"
23.04.2018Тахана, 23-чу апрелехь, Гуьмсан к1оштан Шоьнарчу юккьерчу ишколехь д1аяьхьира дуьххьара нохчийн маттахь Этнографически диктант "Беза, бовза ненан мотт!" язъяр. Дакъалоцуш бара ишколан хьехархой, дешархой, дай-наной. И болх д1абахьаран 1алашо яра Нохчийн меттан деза де т1екхочуш хилар, нохчийн матте болу безам т1еч1аг1бар.