Бовза, беза хьайн НЕНАН МОТТ!

12.04.2018

2018 шеран 23 апрелехь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос дIахьур ю нохчийн меттан Денна лерина Йоккха этнографически диктант "Бовза, беза хьайн ненан мотт!" Диктант дIаяхьа аьтто кхоллар тIехь ду (тIедиллина) Нохчийн Республикин массо а дешаран организацешна."Бовза, беза хьайн ненан мотт!" Диктант дIаяхьаран Iалашо ю нохчийн матте блок безам кхиор а, цуьнан вайн дахарехь лелар совдаккхар а, Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдахар а.Диктантехь дакъалаца таро хир ю дешархойн, церан дай-нанойн, хьехархойн. Иштта Диктант язъян йиш ю лууш волчу муьлхачун а, и дIахьочу дийнахь цхьана пунктехь регистраци йичахьана.